Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Уьш лар а бе, кхочуш а бе, хІунда аьлча цунах кхечу халкъашна гур ду, шун хьекъалалла а, кхетамалла а дуйла. И массо а парзаш шайна дІахезча, цара эр ду: „ЭхІ, хІара сийлахь къам ма хьекъале а, кхетаме а халкъ ду!“ Дуй те кхин цхьа а сийлахь халкъ иштта нийса парзаш а, тІедехкинарш а шен долу, тахана ас шуьга дІакховдош дерш санна? Хьуна дуккха а хІума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хІумма а ца хезна». Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». «Орца даккха, хьайн бете коьман маІа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагІий Везачу Элан халкъана тІелета, хІунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш.
Выбор основного перевода