Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ЯрбаІама, ойла а йина, деших ши эса а доттийтина, халкъе элира: «ТІех дукха ихира шу Ярушалайме. Ва Исраилан халкъ, хьо Мисар-махкара арадаьккхина хьан деланаш хІорш бу». Суна гина хьан боьха лелар а, говр санна, хьо оре еана хилар а, гунаш тІехь а, аренашкахь а ахь лелийна хьан кхахьпалла а. Суна гина хьан дегаза цІушна Іамалъяр. Ма бала богІур бу хьуна тІе, Ярушалайм. Ма кестта цІанъелла дІахІуттур яц хьо». И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!» Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела. Цул сов, и эса-цІу Ашур-махка дІахьур ву сийлахьчу паччахьна совгІатна. Эпрайман халкъ а юьхьІаьржачу хІоттийна хир ду. Исраилан халкъана шена, дечиган цІу бахьана долуш, эхь хетар ду. Исраилхоша хІинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цІуш бо. Шайн детих говза йина хІуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагІанаш дохучу наха эсашна барташ боху!»
Выбор основного перевода