Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьайн гІаланаш мел ю, деланаш а бу хьан, ЯхІудан халкъ, ткъа Ярушалаймехь хьан урамаш мел ду, дегаза харцдела волчу оцу БаІална сагІа доккху меттигаш кечйина ахь“. Исраилан халкъ токхе таьлланг санна дара, рогІ-рогІехь стом луш долу. Шен стоьмаш а, ялта а алсамдаларе терра, цІушна сагІа доккху меттигаш а алссам кечйора цо. Шен лаьтто кхиийнарг совдаларе терра, кхечу деланашна хІиттийна тІулгаш а алссам хаздора цо. ГалІад-гІалахь нах цІушна Іамал еш буй? Цуьнан бахархой баккъалла а цхьана а хІуманна тІе кхочур бац. Галгал-гІалахь наха эсий дойу. Церан сагІа доккху меттигаш кхен хершнашкахь гулдинчу тІулгийн баьрзнаш санна хир ю.
Выбор основного перевода