Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цара йина старгІа схьа а эцна, иза яга а йина, цунах бухадисина дерг, ахьа а аьхьна, хи чу тесира Мусас. Юха и хи исраилхошка дІамалийтира цо. Уьш массо а кхетам боцуш а, сонта а бу. Церан хьекъалалла эрна ду, дечигах йинчу цІушкара иза схьадаларна. Исраилхоша хІинца а шайн къинош совдоху. Цара шайна лалийна цІуш бо. Шайн детих говза йина хІуманаш бен яц уьш, ерриш а куьпчичо кхоьллинарш бен яц. Оцу нахах олуш ма ду: «Эсашна сагІанаш дохучу наха эсашна барташ боху!» Везачу Эло боху: «Иза бахьана долуш Ас Шамран-гІаланах саьлнаш йийр ю аренгахь, кемсаш лелон бен пайден хир яц и меттиг. Ас цуьнан тІулгаш тогІи чу кхуьссур ду, цуьнан баххаш гучу а дохуш. Дерриге а цуьнан Іамал еш долу суьрташ дохор ду. Сийсаза леларна делла долу совгІаташ цІергахь дагор ду. Ас цуьнан массо а цІуш бохабойтур бу. ЦІуйн дуьхьа лелаш долчу кхахьпаллина цо совгІаташ схьаэцарна, кхахьпаллина уьш кхин а дІалур ду». Шуна гуш а, хезаш а ду оцу ПахІала хІокху Эпас-гІалахь хилла ца Іаш, ерриг а Асиа-махкахь адам тешийна хилар, адамийн куьйгашца кхоьллина деланаш, деланаш бац бохуш.
Выбор основного перевода