Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Иштта боху Везачу Эло: «Хьажал! Стигалара тІееанчу аьрзуно санна, мостагІаша шайн тІемаш дІасадохуьйтур ду Муаби-махкана тІехула. Сан халкъ дІасацийна, Со къобал ца варна. Со къобалвар ахь дІатесна дела, ахь Суна, динан дас санна, гІуллакх дар Аса а дІатосур ду. Дала белла товрат-хьехам ахь бицбина дела, Аса а дицдийр ду хьан бераш». «Коьман маІаца дІакхайкхаде ГебаІ-гІалахь, турбанца дІакхайкхаде Рама-гІалахь, орца даккха Байт-Аван-гІалахь! Бен-Яман, мостагІа хьуна тІаьхьа вогІуш ву! Адам-гІала йолчохь санна, Исраилан халкъо а Соьца бина барт бохийна, цигахь ямартло йина цара Суна. Церан говраш цІоькъабергел сиха ю, уьш буьйсанна лелачу берзалойл а луьра ю. Церан береш схьахахкабевлла богІу, церан дошлой геннара схьабогІу. Ижуна тІекхета аьрзу санна, тІемабевлла схьабогІу уьш.
Выбор основного перевода