Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цара элира: «Хьо воккха хилла, ткъа хьан кІентий ахьа схьабеанчу некъа тІера галбевлла. Ахьа тхуна тІехь паччахь дІахІоттавойла луур дара тхуна, цо тхайна тІехь куьйгалла дойла а луур дара, вукху къаьмнашна тІехь ма-дарра». ЯрбаІам цІа вирзина аьлла шайна хезча, исраилхоша, цунна тІаьхьа нах а бахийтина, иза, гуламе схьа а кхайкхина, дерриг а Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІоттийра. ЯхІудан тайпанах берш бен ца хІиттира Даудан цІийнах болчарна тІаьхьа. Закри-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, Явешан кІанта Шалума, халкъана хьалха цунна чов а еш, иза вийра. Ткъа ша цуьнан метта паччахь хІоьттира. Тирца-гІалара Гадин кІанта Менахьима, ара а ваьлла, Шамран-гІалахь Явешан кІант Шалум вийра, ша цуьнан метта паччахь дІа а хІуттуш. Пакхихь-ЯхІу-паччахьан коьрта хьаькам Пикхахьи вара. Иза Рамли-ЯхІун кІант вара. Цо, Пакхихь-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт а бина, ГалІад-гІалара шовзткъе итт стаг шеца схьа а эцна, Шамран-гІалахь паччахьан цІийнан чІагІйинчу чохь паччахь вийра. Цуьнца цхьаьна АргІаб а, Ария а вийра цо. ТІаккха Пикхахьи паччахь хилла дІахІоьттира Пакхихь-ЯхІу-паччахьан метта. Элан кІанта ХІушаІа, Рамли-ЯхІун кІантана Пикхахьина дуьхьал ямартлонца барт а бина, цунна тІе а летта, иза вийра. Иштта, Іузи-ЯхІун кІанта Йовтама паччахьалла до ткъолгІа шо долуш, Пикхахьин метта паччахь дІахІоьттира ХІушаІ. Шуна хууш дац ткъа, Исраилан Дела волчу Везачу Эло Даудана а, цуьнан тІаьхьенах болчарна а Исраилна тІехь паччахьалла дар гуттаренна а делла дуйла, туьхана тІехь чІагІбина болу барт барца? Цунна ца лаьа къобалдан ялтий, чагІаррий, даьттий шена луш Верг Со хилар, шен дети а, деши а алсамдаьккхинарг а Со хилар, ткъа цо царах БаІал-цІу дІахІоттийна. Мичахь ву хьан паччахь хІинца? Цо хьо кІелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гІаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“ Аса паччахь велира хьуна Со оьгІазвахханчохь, ткъа, Со дарвелча, схьа а ваьккхира иза.
Выбор основного перевода