Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Цу хенахь Ашур-махкара волу паччахь ПІула Исраил-махкана тІегІоьртира. Менахьима эзар гали дети делира ПІуле, цуьнга шена гІо а дойтуш, шен паччахьалла чІагІдархьама. Цара цуьнга элира: «Тхан дехаршка ладогІахьа, Ярми-ЯхІу. Дийна дисначу тхуна тІера доІа дехьа хьайн Везачу Деле. Хьуна гуш ду-кх, Ярми-ЯхІу, дуккха а хилла долу тхо кІеззиг бен ца дисар. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Дети а, цІаста а, эчиг а, даш а, гІели а цхьаьна а тухий, кхерчана юккъе дуьллу, цІе марса а йоккху, уьш дашийтархьама. Аса а, Сайн оьгІазаллица а, дераллица а шу схьа а гулдина, Ярушалайм-гІалина чу а дехкина, лалор ду. Хьалдолчу Эло иштта боху: „Ас Цора-гІалина дуьхьалваккха къилбаседехьара Бавелан паччахь волу Набухди-Нецар схьавалор ву. Иза паччахьийн паччахь ву. Иза дуккха а адамийн эскарца а, говрашца а, гІудалкхашца а, дошлошца а схьавогІур ву.
Выбор основного перевода