Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цигахь даха шайн дийнаташ дагоран сагІанаш а, кхидолу сагІанаш а, шайна са йоккхучух луш долу уьтталгІа дакъа а, шайн совгІаташ а, шаьш йинчу чІагІонца а, шайн лаамца а луш долу сагІанаш а, шайн бежанех схьадевлла долу дуьххьарлера эсий а, иштта уьстагІех схьадевлла долу дуьххьарлера Іахарий а даладе цу метте. ТІаккха схьадалаш шайн Везачу Далла Ша Іайтархьама схьахаржор йолчу меттиге ас шайна весет дина долу дерриге а: дийнаташ дагоран шайн сагІанаш а, шайн кхидолу сагІанаш а, шайна йолучу санан уьтталгІа дакъош а, шайн совгІаташ а, иштта шайн Везачу Далла, ваІда а деш, шаьш йинчу чІагІонца къастийна мел дерг а. Суна иштта хиира, левихошна дІадала дезаш долу дакъош дІалуш ца хиллийла а. Цундела Далла Іамал ечу хенахь гІуллакх дан дезаш болу левихой а, илланчаш а шайн-шайн кхашка юхабирзинера. Аса хьаькамех и хІума бахьана долуш бехк баьккхира. Аса цаьрга хаьттира: «Делан цІа дола ца деш хІунда дитина?» аьлла. Цул тІаьхьа, массо а левихо схьа а гулвина, аса уьш юха а церан гІуллакхаш дан дІахІиттийра. Цул тІаьхьа массо а исраилхочо шайн ялтех а, керлачу чагІарх а, зайтдаьттанах а долу уьтталгІа дакъа Делан цІийнан чІоьнаш чу схьадеара.
Выбор основного перевода