Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Айхьа исраилхой багарбечу хенахь хІоранга а шен синах Везачу Элана мах балийта, цу хенахь царна юкъахь кхераме хІумма а ца хилийтархьама. ХІораммо а, ша вагарвечу хенахь, ахшекхал дала деза, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхала чу ткъа гер догІу). И ахшекхал Везачу Элана луш долу сагІа ду. Ткъа шарал тІехваьлла волчо хІораммо а Везачу Элана и сагІа дала деза ша вагарвечу хенахь. Хьал долчо сов а ца луш, къечо кІезиг а ца луш, ахшекхал шен сих мах бала беза Везачу Элана хІораммо а. Исраилхошкара схьаэцна и дети гуламан четаран гІуллакхна леладе. Везачу Элана хьалха исраилхошна дагахь лаьттар ду иза, шайн синойх белла мах буйла хууш». Уьш Іийсаца Къапарнаме кхаьчча, Кипина тІебаьхкира Делан цІенна ял гулъеш берш. Цара хаьттира: «Шун устазо Делан цІенна гІуллакхна ял лой?»
Выбор основного перевода