Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
ХІара дешнаш Хьахли-ЯхІун кІант волчу Нахьми-ЯхІун ду: Артахь-Шашта паччахьаллехь волчу ткъолгІачу шеран Кислав-баттахь со Шушан-гІалин гІопахь нисвеллера. Цул тІаьхьа мехкада волчу Нахьми-ЯхІус а, динан да а, Іелам стаг а волчу Іезара а, иштта нахана хьоьхуш болчу левихоша а элира: «Тахана шун Везачу Далла дІакъастийна долу де ду. Сингаттаме а ма хила, делха а ма делха». Цара иштта элира, хІунда аьлча товрат-хьехамашка ладугІучу хенахь адам доьлхуш дара. И массо хІума а бахьана долуш, оха бохо йиш йоцуш болу барт бо, иза кехатна тІехь дІа а язбеш. Тхан куьйгалхоша а, левихоша а, динан дайша а цу бартана кІел куьг яздо, иза мухІарца чІагІ а беш».
Выбор основного перевода