Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, даьхнино а, шун хІусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. «Ялх шарахь хьайн латта дІа а де, цу тІера ялта а гулде. ВорхІалгІачу шарахь иза дІа ма де, лаьтте садаІийта. Хьайн халкъана юкъахь болчу мискачу нахе цунах пайда эцийта, ткъа царах диснарг арарчу акхарошка даийта. Иштта де хьайн кемсийн а, зайт-диттийн а аренашкахь. Ялх дийнахь болх бан мегар ду, ткъа ворхІалгІа де, садоІу шоьтан де, безачу гуламна лерина хилийта. Цу дийнахь цхьа а тайпа болх ма бе. Миччанхьа а шу Іаш делахь а, иза Везачу Элана лерина долу шоьтан де ду. Амма ворхІалгІачу шарахь лаьтте садаІийта. Везачу Элана лерина шатайпа хан хила еза иза. Цу шарахь латта дІа а ма де, кемсаш а ма хедае. «ВорхІ шо чекх мосазза долу, декхарш схьа ца дохуш дита. Гечдар иштта хуьлу: шен юххерачунна юхалург хІума елла волчу, муьлххачу стага, и декхар шен къомах волчунна гечдан деза. И декхар цо цуьнгара схьадеха ца деза, хІунда аьлча Везачу Эло дІакхайкхийра, декхарш схьа ца дохуш дита аьлла. ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. Цу деношкахь ЯхІуд-махкахь Далла леринчу шоьтан дийнахь болх беш болу нах гира суна. Цара кемсаш а хьоьшура, царах чагІар даккхархьама. Иштта шайн варраш тІе цІевнаш а, чагІар а, кемсаш а, инжираш а, тайп-тайпана кхийолу хІуманаш а тІеюттура, уьш шоьтан дийнахь Ярушалайме дІа а яьхьна, дІайохкархьама. Аса цу нахах чІогІа бехк баьккхира, сайна цара шоьтан дийнахь даа хІума дІадухкуш гича. Ярушалаймехь бехаш болчу цорахоша а дахьара чІерий а, кхидолу сурсаташ а Ярушалайме, уьш шоьтан дийнахь яхІудхошна дІадохкархьама. Аса яхІудхойн лоруш болчу нахе бехк баьккхира и хІума бахьана долуш. Аса цаьрга элира: «И хІун зулам ду аша деш дерг? Далла лерина долу шоьтан де сийсаз ма доккху аша! Изза хІума шун дайша а леладора. Цундела вайн Дала вайна а, хІокху гІалина а тІе боккха бала а, бохам а боссийра. Ткъа шу хІинца Цуьнга Исраилан халкъана кхин а чІогІа оьгІазло яйта гІерташ ду, шоьтан де сийсаза а дохуш». Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. Цкъа-шозза совдегарш а, тайп-тайпана хІуманаш йохкархой а Ярушалайме шаьш чу ца бовлийтича, гІалина арахь буьйсанаш йохуш бара. Аса цаьрга, чІогІа бехк а боккхуш, элира: «ГІалин пенна уллохь буьйсанаш стенна йоху аша? Кхин и санна дерг шуьгара далахь, аса шу ницкъаца дІадохур ду». Цул тІаьхьа уьш кхин ца богІура шоьтан дийнахь йохкаэцар лело. Аса левихошна тІедиллира, Далла хьалха цІена хуьлу Іадат кхочушде аьлла. Уьш цул тІаьхьа гІалин кевнаш лардан дезаш бара, шоьтан де Далла лерина хилийтархьама. И хІума бахьана долуш, ва сан Дела, со Хьайна дагаваийтахьа! Хьайн боккхачу безаме хьаьжжина, къинхетам бехьа сох! иштта дешнаш бохуш долчу а аша: «Керла бутт а, цкъа мацца байна а, дІабовр бу, вайна ялта дІадохка меттиг ялийтархьама. Далла лерина шоьтан де а дІадер ду, вайга чІоьнаш дІаеллийтархьама, барам лахбалийтархьама, шекхалан мах хьалабаккхархьама, нийса доцучу терзанца нах лебархьама.
Выбор основного перевода