Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Цу стоьла тІехь Суна хьалха гуттар а Суна лерина бепиг латтаде». Хьалхарчу Іахарца иштта сагІанаш даха: кхачанан сагІа санна хІинан доьалгІа дакъа тоьлла долчу зайтдаьттанца эдина бархІ кад дама, ткъа чагІаран сагІа санна биъ кад чагІар. «КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду». «Исраилхошна тІе а дуьллуш, ахьа иштта дІаала: „Варелаш! Билгалъяьхначу хенашкахь Суна лерина долу Сан кхачанан сагІанаш дахалаш. И сагІанаш цІера тІехь даха дезаш ду, ткъа церан хьожа Суна тамехь хир ю“. Везачу Элана тамехь йолу хаза хьожа хьалайохуьйту дийнаташ дагоран сагІа иштта даккха: цхьа старгІа а, цхьа ка а, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар а. Массо а и дийнаташ шайна тІехь сакхт доцуш хила деза. Аса хІинца сайн Везачу Делан цІе язъян лерина долу цІа дан долош ду. И цІа аса дІакъастор ду, цигахь Цунна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш ягаяйтархьама а, даздина баьпкаш шен рожехь дІахІиттадайтархьама а, хІора Іуьйранна а, суьйранна а, иштта шоьтан дийнахь а, керла бутт болалуш дезачу деношкахь а, тхан Везачу Далла лерина долчу къастийначу дезачу деношкахь а дийнаташ дагоран сагІанаш дахийтархьама а. Иза иштта гуттаренна а тІедиллинера Дала Исраилан халкъана.
Выбор основного перевода