Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Амар-ЯхІу, Малук, Хьатуш, Шихан-ЯхІу, Рахьим, Мармути, Іиду, ГІинтуй, Аби-ЯхІу, Мияман, МаІад-ЯхІу, Билга, ШамІа-ЯхІу, ЯхІу-Ярби, Яди-ЯхІу, Салуъ, Іамукъ, Хьалкхи-ЯхІу, Яди-ЯхІу. ЮшаІ динан коьрта да волчу заманахь и нах динан дайн а, церан гергарнаш а баьччанаш бара. Левихойх болу ЮшаІ, Бинуй, Кхадмиал, Шараб-ЯхІу, ЯхІуд, Матан-ЯхІу. Далла баркалла олуш долчу назманашна тІехь жоп луш хилла Матан-ЯхІу а, цуьнан гергарнаш а. Адамаша Далла гІуллакх дечу хенахь, Бакхбукъ-ЯхІус а, Іунис а, церан гергарчара а назма аларца дакъалоцура. ЮшаІ ЯхІу-Якхаман да хилла, ЯхІу-Якхам Элишубан да хилла. Элишуб ЯхІу-ЯдаІан да хилла. ЯхІу-ЯдаІ ЯхІунатин да хилла, ЯхІуната ЯдуІан да хилла. ЯхІу-Якхаман заманахь динан дайн доьзалан баьччанаш хІорш хилла: Сари-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Мари-ЯхІу хилла. Ярми-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьанан-ЯхІу хилла. Іезаран доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Амар-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІу-Хьана хилла. Малухин доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла. Шихан-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Юсуп хилла. Хьармин доьзалехь лакхарниг Іаднан хилла. Мармутин доьзалехь лакхарниг Хьелкхи хилла. Іидун доьзалехь лакхарниг Закри-ЯхІу хилла. ГІинтунин доьзалехь лакхарниг Машулим хилла. Аби-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Зикра хилла. МуІад-ЯхІун а, Мин-Яманан доьзалшкахь лакхарниг Пилти хилла. Билгин доьзалехь лакхарниг ШамуІ хилла. ШамІа-ЯхІун доьзалехь лакхарниг ЯхІуната хилла. ЯхІу-Ярбин доьзалехь лакхарниг Матинай хилла. Яди-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Іузи хилла. Салин доьзалехь лакхарниг Къали хилла. Іамукъин доьзалехь лакхарниг Іебар хилла. Хьалкхи-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Хьашби-ЯхІу хилла. ЯдаІ-ЯхІун доьзалехь лакхарниг Натунаил хилла.
Выбор основного перевода