Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Шайн хІусамаш тІера Везачу Элана хьалха хьалаайина шатайпа сагІа санна ши бепиг да. Цхьа сахь тоьллачу кІен демах хьакхийначу совсийначу бедах дина хила деза и баьпкаш. Везачу Элана лерина дуьххьарлерчу ялтех долу совгІат хир ду иза. Лаьттах схьадаьллачу ялтин а, дитташ тІехь кхиъначу стоьмийн а уьтталгІа дакъа Везачу Элан ду. Иза Везачу Элан долахь бен дац. АхІаронан цІийнах волу динан да левихошца хила везаш ву цара шайн уьтталгІа дакъа схьаоьцучу хенахь. Цул тІаьхьа левихоша шайна дІакхаьчначу уьтталгІачу декъа тІера кхин уьтталгІа дакъа Делан цІа чохь йолчу чІоьнаш чу охьадилла деза. «Левихошка, дІахьедар а деш, дІаала: „Аса шайна кхачийтина долчу нахера схьадаьккхинчух уьтталгІа дакъа исраилхошкара шаьш схьаэцча, цунах уьтталгІа дакъа аша Везачу Элана совгІат санна дІадала деза. Иштта, исраилхойн массо а уьтталгІачу дакъойх аша а Везачу Элана совгІат дахьар ду. Наха схьадеанчу оцу дакъойх Везачу Элана лерина долу совгІат динан дега АхІароне дІадала деза аша. Левихо волу и виъ хьаькам тешам болуш вара. Уьш бара Делан цІенна уллохь йолчу чоьнашна а, хазнашна а гІарол дан дІахІиттийна. Хьузакх-ЯхІус, Везачу Элан цІийнан кертахь кхин а тІаьхьалонна сурсаташ чудохку чоьнаш кечъе аьлла, омра дира. Уьш кечйича,
Выбор основного перевода