Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Кхерча тІера цІе, ян ца йовш, яга езаш ю цу хенахь. ХІора Іуьйранна динан дас кхерча тІе дечиг тилла деза, цу тІе дийнаташ дагоран сагІа а дилла деза, иштта бертан сагІанах йолу мохь цу тІехь яго а еза. Исраилан халкъан баьччанаш Ярушалаймехь баха охьахевшира. Халкъах кхиболчара кхаж таса безаш бара, халкъах долу уьтталгІа дакъа схьакъасторхьама. И схьакъастийнарш езачу гІалахь Ярушалаймехь баха ховша безара. Ткъа тІаьхьадисина долу къоман исс дакъа шайн-шайн гІаланашкахь даха диса тарлора. Билгалъяьхначу хенашкахь сагІанаш дагорна лерина долу дечиг Іалашдаран Іадат дІахІоттийра ас. Иштта Аса билгалдаьккхира, дуьххьара болу стом а, дуьххьара долу ялта а наха маца схьадан деза. Сан диканна Хьайн дагахь латтадехьа и дерриг а, ва сан Дела!»
Выбор основного перевода