Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
«Исраилхойн хІора хьалха вина кІант а, хьайба а Суна лерина хилийта, уьш Сан ду». доьзалехь хьалха дуьнен чу ваьлла хІора кІант а, боьрша хьайба а Везачу Элана дІало. Хьалха хилла йолу вир, цуьнан метта Іахар а белла, паргІатъяккха. Ткъа ахь иза паргІат ца яккхахь, цуьнан ворта кагъе. Иштта, хьалха винчу кІантана тІера а мах бала беза. Везачу Элана лерина веана волу дуьнен чу хьалха ваьлла массо доьзалхо а, хьалха дуьнен чу даьлла даьхни а хьан хир ду. Делахь а доьзалера дуьххьарлерчу берах а, хьаналчу даьхнех хьалха дуьнен чу даьллачух а мах схьаэца беза ахь. Беран цхьа бутт кхаьчча бала безар бу цунна тІера луш болу мах. Цуьнан барам пхи шекхал дети бу, дезачу шекхале хьаьжжина (цхьана дезачу шекхална чу ткъа гер догІу).
Выбор основного перевода