Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13
Параллельные места
Тахана шу кхузахь лаьтташ ду шайн Везачу Дала шуьца беш болчу барте дахкархьама а, оцу бертан тІедожораш дІаэцархьама а, Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан. Шайн доггах а, дерриг синца а шайн дайн Дела волу Веза Эла лаха барт бира цара. ТІаккха хьал долуш болчу наха а, хьаькамаша а элира: «Оха массо хІума а царна юхалур ду, кхин цаьргара хІума а йоккхур яц. Ахьа аьлларг кхочушдийр ду оха». ТІаккха аса динан дайшка схьакхайкхира. Аса хьал долуш болчу нахе а, хьаькамашка а Далла хьалха чІагІо яйтира, уьш шаьш аьллачунна тІера бевр бац аьлла. Сайн некха тІе уллу тІоьрмаг охьа а бегийна, аса элира: «Иштта Дала а охьавегавойла Шена уллора а, Шен цІен тІера а массо а ша делла долу дош лардеш воцу стаг. Иштта охьавегийна а, ваьсса а хуьлийла и стаг!» Цигахь гулбеллачара массара а «Амин!» элира, Везачу Элана хастамаш а бира. Ткъа куьйгалхоша шайн дош кхочуш а дира. qac Пqac*айденна долу Хьан нийса тІедехкинарш лардан ас, дуй а бууш, чІагІо ма йинера.
Выбор основного перевода