Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. Иштта боху Везачу Эло Шен халкъе: «Хьан чевнна дан дарба дац, хьан йоьхна меттиг меттахІотталур яц. Хьайн чевнашна хІунда бо ахь латкъамаш, хьайн лазарна дан дарба доццушехь а? Веза Эла волчу Аса дина ду иза, хІунда аьлча хьан бехк боккха бу, ткъа ахь летийна къинош алссам ду. Эпраймана шен цамгар схьахиъначу хенахь а, ЯхІудана шена хилла чов дІагиначу хенахь а, Эпрайман халкъ Ашурехьа а дирзина, сийлахьчу паччахьна тІе дехаре дахийтира. Амма цуьнга шу цамгарх толур дац, шун чевнна дарба а далур дац. Марут-гІалин бахархой шайна гІо даре сатесна бу, хІунда аьлча Везачу Элера болу бохам Ярушалайман кевне кхаьчна (Марут – цуьнан «къаьхьа» бохург ду).
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода