Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Паччахьалла деш долу борхІалгІа шо долуш, ша къона стаг воллушехь, шен ден дайх хиллачу Даудан Дела леха волавелира Юши-ЯхІу. Ткъа ша паччахьалла деш долу шийтта шо кхаьчча, ЯхІуд-мохк а, Ярушалайм а цІанйира цо цигахь хиллачу халкъо Іибадат деш схьакъастийначу гунех а, цу гІуллакхна билгалдаьхначу диттех а, куц далош, боьттина бинчу цІуйх а. БаІал-деланашна лерина йолу сагІа доккху меттигаш а, царна тІехула хІиттийна хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохабайтира цо. Иштта Ашера-далла лерина болу дечиган бІогІамаш а, кхиболу цІуш а, дина суьрташ а доха а дина, царах чан а йина, цІушна сагІа даьккхинчеран къуббанаш тІехула дІасаяржийра цо. Къа ду бехначу эпраймхоша дозалла дечу кочаран. Цуьнан исбаьхьа хазалла кочаран маргІалдулуш долчу зезагех тера ю. И кочар токхечу тогІин коьрта тІехь ду, амма тогІин бахархой чагІаро бахийна Іохкуш бу! Шамранан пайхамаршна юкъахь иштта дегаза хІума гина Суна: цара БаІалан цІарах хаамаш бо. Сан Исраилан халкъ ледеш ду цара. Ярушалайман пайхамаршна юкъахь иштта ирча хІума гина Суна: ямарта а хуьлуш, цара харцонаш лелайо. Зуламхошна цара гІо дар бахьанехь, цхьа а шен Іесаллех дІа ца воьрзу. Суна хьалха уьш берриш а Седам-гІалин бахархой санна бу, ткъа Ярушалаймера нах Суна Іамор-гІалин бахархой санна бу». Ас цаьрга хоьттура: ‹Шу тІе оьхург хІун гу бу?› – бохуш. (Цундела хІинца а сагІа доккху ‹гу› олу цунах.)’“. Цара Шамранан цІуйх дуйнаш боу: „Дийна волчу Данан делах дуй боу!“ я „Беар-ШабаІан делах дуй боу!“ – олий. И чІагІонаш еш берш охьаоьгур бу, кхин хьала а гІовттур бац».
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода