Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Ярушалаймехь Амци-ЯхІуна дуьхьал ямартлонца барт бира. Иза Лахиш-гІала ведда дІавахара. ТІаккха, цунна тІаьхьа Лахиш-гІала нах а бахийтина, Амци-ЯхІу цигахь вийра. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. Цул тІаьхьа ашурхойн паччахьо Санхьариба шен хьаькамаш Ярушалайме яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна а, Ярушалаймехь болчу массо а яхІудхошна а тІехьовсийра. Ткъа иза ша, шеца долчу эскарца Лахиш-гІалина го а бина, цунна дуьхьал тІом беш вара. Цо шен хьаькамашка хІара алийтира: Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен эскаран цхьа хьаькам вахийтира дуккха а тІемалошца Ярушалайме Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе. Лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, сецира и хьаькам. Веза Эла, кхоччуш дІатеттина те Ахьа ЯхІудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чІогІа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хІума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тІекхочу. Эпрайман халкъ дистхилча, массо а бегабора. И халкъ лакхара лорура Исраилан халкъашна юкъахь. Амма, БаІална Іамал ян доладелча, иза бехке а хилира, дала а делира.
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода