Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Массо а ницкъийн Везачу Эло цу дийнахь делха а, латкъам бе а, месаш дІахедае а, шайна тІе сингаттаман барзакъ духа а бохура шуьга. qac Дqac*ерстинчу женах шаьш дузош хилларш хІинца-м мацаллех урамашкахь леш бу. Хьалха дезачу кІадинах йина бедарш лелийнарш хІинца-м нехаш кегош лелаш бу. ХІунда аьлча Іамоса иштта боху: „ЯрбаІам туьрах хІаллакьхир ву, ткъа исраилхой, шайн лаьтта тІера схьа а баьхна, йийсаре буьгур бу“». Ахьа иштта аларна, Везачу Эло хІара боху: „Хьан зуда гІалахь, кхахьпа а дина, лелор ю. Хьан кІентий а, йоІарий а туьро хІаллакбийр бу. Хьан латта, асанаш йохучу муьшца декъа а декъна, кхечарна дІалур ду. Хьо хийрачу махкахь лийр ву, ткъа Исраилан халкъ, шен махкара ара а даьккхина, йийсаре дуьгур ду“».
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода