Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогІа сан багара долучу дешнашка. Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву, Цуьнан Іарш стигалшкахь ю. Цуьнан бІаьргаш массо а стаге хьоьжу, дІабиллинчу бІаьргашца Цо адамаш толлу. «ЛадогІа, Сан халкъ, Ас дош эр ду. Исраилан халкъ! Ас хьуна дуьхьал тоьшалла дийр ду. Со Дела ву, хьан Дела ву! ЛадогІа, стигалш, ладогІа, латта, хІунда аьлча Везачу Эло боху: «Ас, кхиийна, айинера Сайн кІентий, ткъа уьш Суна дуьхьалбевлла. ЛадогІал, латта! Аса ЯхІудан халкъана тІе боккха бала боуьйтур бу. Ткъа и бала цара йина ойланаш бахьана долуш хир бу, хІунда аьлча цара Аса аьллачуьнга тидам а ца бира, ткъа Сан товрат-хьехам дІа а теттира. Ва ЯхІудан латта! Аса хьоьга чІогІа доьху, Везачу Элера болчу хІокху хааме ладогІа! ТІаккха ас элира: «ЛадогІа, Якъубан тІаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой! Шу дац ткъа бакъдерг хаа декхарийлахь? ЛадогІа соьга, Якъубан тІаьхьенан тхьамданаш, Исраилан халкъан куьйгалхой, бакъйолчу кхелах ца дешарш, нийса мел дерг гам дийраш, ЛадогІа Везачу Эло бохучуьнга: «ХьалагІатта, лаьмнашна хьалха довзийта хьайн гІуллакх, баьрзнашна дІахозийла хьан аз!» ЛадогІа, лаьмнаш, Везачу Элан гІуллакхе! Лаьттан онда бух, ахьа а ладогІа! ХІунда аьлча Везачу Элан цхьа къовсам бу Шен халкъаца. Цо Исраилан халкъе бехк боккху. «Со шуна гергакхочур ву кхел ян. Аса сихха тоьшалла дийр ду бозбунчашна а, кхечуьнца лелачарна а, харц дуйнаш кхуллучарна а, тІелаьцначу белхалочунна йогІу ял дІалуш боцучарна а, йисинчу зудчунна а, бо берана а гІело ечарна а, тІевеанарг дІатоьттуш болчарна а, Соьга ларамах буьзна боцучарна а дуьхьал», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода