Лаьмнаш, балоз санна, дешаш ду Везачу Элана хьалха, дерриге а дуьненан Хьалдолчу Элана хьалха.
Стигалш а этІийна, хьо чувоссахьара! Лаьмнаш дегор дара Хьуна хьалха.
ЧІешах цІе латийча санна а, цІеро хи кхехкийча санна а, Хьан мостагІашна Хьан цІе йовзийта, Хьуна хьалха къаьмнаш дегадайта!
Цунна хьалха лаьмнаш а дегадо, баьрзнаш а деша. Цуьнан юьхьа хьалха латта а, дерриг а дуьне а, дуьнен чохь мел дехарг а дегадо.