Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Со ву серло Йийриг а, бода Кхуллург а, беркат Латториг а, бохам Бийриг а. Ас, Везачу Эло, деш ду и дерриг а хІуманаш. Цундела нийса кхел яр ду вайна генахь, нийсо вайна тІе ца кхочу. Вай серлоне сатуьйсу, амма бода тІебогІу, сирлачу къагаре хьоьжу, амма Іаьржачу боданехь лела. БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. Черчий санна, Іоьху вай, кхокхарчаша санна, узарш до. Нийса кхел яре хьоьжу вай, амма иза яц, кІелхьардовларе сатуьйсу, амма иза вайна генахь ду. Веза Эла, кхоччуш дІатеттина те Ахьа ЯхІудан халкъ? Баккъал а дог даьлла те Хьан Цийонах? Ма чІогІа ю-кх Ахьа тхан дагна йина чевнаш, ма дац-кх царна дан дарба. Оха барт хиларе сатийсинера, амма дика хІума цхьа а гучу ца долу, тхаьш тодаларе сатийсинера, амма кхин а доьхнарг тІекхочу. Коьман маІа локхур юй те гІалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гІалина бохам, Веза Эла воцучо тІебаийтина?
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода