Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Ткъа аша дина къилахь хІума, старгІин и сурт, схьа а эцна, цІергахь дагийра ас. ТІаккха иза йоха а йина, хьаша а хьаьшна, чан санна, ата а аьтта, лам тІера охьаоьхучу хи чу тесира ас. Берриг а Исраил-махкахула йолу сагІа доккху меттигаш а, Ашера-далла лерина долу дечиган бІогІамаш а дохийна дІадехира, цІуйх а чан йира, хаза хьожа йогІу хІума яго гІирсаш а бохийра Юши-ЯхІус. ТІаккха иза Ярушалайме юхавирзира. Ахьа хІора некъ болалучу меттехь кхахьпаллин цІа а, хІора майданахь цІушна Іамал ян меттиг а хьайна кечъечу хенахь, хьо кхахьпа санна яцара, хІунда аьлча ахьа совгІаташ дІа ца оьцура. Ас дІалур ю хьо хьайн безарийн кара, тІаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цІенош, дІасакхуьйсур ю хьан цІушна Іамал ян меттигаш а. Цара хьуна тІера бедарш дІайохур ю, хьан жовхІарш дІадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю. Иза шен безаргашна тІаьхьауьдур ю, амма тІаьхьакхуьур яц. Уьш лоьхур бу цо, амма карор бац цунна уьш. ТІаккха эр ду цо: „Сайн дуьххьарлерчу майрачунна тІе дІагІур ю со. Цуьнца долу дахар гІоле дара сан, хІинца чул“. Аса яссор ю цуьнан кемсийн таьллангаш, инжиран дитташ а дассор ду. „Суна сан безаргаша луш долу алапа ду хІара“, – олу цо царах лаьцна. Аса царах акха боьлак йийр ю, аренийн акхароша цоьстур йолу. «Цундела Аса иза хьостур ма ю. Яьссачу аренга иза дІа а йигина, цуьнан дагна там беш дерг дуьйцур ду Аса. И цІу а – Исраилан халкъо дина хІума ду. Иза суьрташ дечо ма вина, цундела иза Дела ма вац. Шамранан цІу долу эса дохор ма ду!»
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода