Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора. ТІаккха Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам. Исраилхойн паччахь волчу Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до шолгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Іузи-ЯхІун кІант Йовтам. Цуьнан ткъе пхи шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цІе Яруша яра, иза ЦІадукъин йоІ яра. Шен дас Іузи-ЯхІус санна, Йовтама а Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора. Делахь а тІехь сагІа доккху гунаш дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора. Ткъа Везачу Элан цІийнан кертара Лакхара Ков юхаметтахІоттийнарг Йовтам вара. Йовтаман кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. Цу заманахь арамхойн паччахь Рицан а, Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а вахийтира Везачу Эло яхІудхошца тІом бан. Ткъа Йовтам, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь ша схьаваьллачу Даудан гІалахь дІавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Ахьаз. Рамли-ЯхІун кІанта Пикхахьис паччахьалла до вуьрхІитталгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Йовтаман кІант Ахьаз. Ахьазан ткъа шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо Ярушалаймехь ялхитта шарахь паччахьалла дира. Ша схьаваьллачу Дауде терра а ца лелаш, шен Везачу Далла нийса хеташ долу гІуллакхаш ца леладора Ахьаза. Иза а вара исраилхойн паччахьаша лелийна боллу некъ лелош. Цо ур-атталла шен кІант цІерах чекхваккхийтира, Везачу Эло Исраилан халкъана юкъара дІалелхийначу къаьмнаша мел лелийна дегаза гІуллакхаш лела а деш. Гунаш тІехь а, баьрзнаш тІехь а, муьлххачу а ІиндагІ луш долчу диттана кІел а сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора Ахьаза. ТІаккха арамхойн паччахь Рицан а, исраилхойн паччахь Рамли-ЯхІун кІант Пикхахьи а, Ярушалайм дІалаца дагахь, Ахьазана дуьхьал тІом бан вахара. Цара Ярушалаймана го бира, амма толам ца баккхабелира цаьрга. Цу хенахь арамхойн паччахьо, Эйлат-гІала Араман халкъана юха а ерзош, цу гІалара яхІудхой дІалаьхкира. Эдомхой цо Эйлат-гІала бахийтира, уьш кху заманахь а цигахь бехаш бу. Ахьаза шен геланчаш бахийтира Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна тІе. Цо элира: «Со хьан ялхо а, хьан долахь верг а ву. Схьа а волий, суна дуьхьалбевллачу арамхойн а, исраилхойн а паччахьийн карара кІелхьарваккхахьа со». ТІаккха Ахьаза Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан цІийнан хазни чохь а долу деши а, дети а, схьа а эцна, Ашур-мехкан паччахьна совгІатна дахьийтира. Ашурхойн паччахьо ладуьйгІира Ахьаз-паччахьо бохучуьнга. Иза Дамасакхана дуьхьал тІом бан вахара. Дамасакх схьа а лаьцна, цигара бахархой цо Кхир-гІала дІакхалхийтира, ткъа Рицан вийра. Цул тІаьхьа Ахьаз-паччахь Дамасакхе Ашур-мехкан паччахьна ТигІлат-Палиасарна дуьхьалвахара. Ахьазана Дамасакхехь лаьтташ болу сагІа доккху кхерч гира. Цо оцу сагІа доккхучу кхерчан жима кеп а яйтина, иза дІа муха хІотто беза дуьйцуш долу кехат а яздина, уьш динан дега УръяхІуга дІадахьийтира. ТІаккха динан дас УръяхІус шега Дамасакхера Ахьаз-паччахьо схьабаийтинчу кепехь сагІа доккху кхерч бира. Ахьаз-паччахь Дамасакхера юхаверзале динан дас УръяхІус и кхерч бина дІахІоттийра. Паччахьна, ша Дамасакхера цІа веача, и сагІа доккху кхерч гира. Цо, кхерчана тІе а вахана, цу тІехь сагІа даьккхира. Дийнаташ дагоран сагІа а, кІен сагІа а, чагІаран сагІа а даьккхира цо цу кхерчана тІехь. Бертан сагІа а доккхуш, кхерчан агІонаш тІе цІийн цинцаш туьйхира паччахьо. Керлачу кхерчана а, Везачу Элан цІенна а юкъахь Везачу Элана дІакъастийна цІестан кхерч бара лаьтташ. Амма Ахьаз-паччахьо, и кхерч, схьа а эцна, шен керлачу кхерчана къилбаседехьа агІор охьабиллира. Динан дега УръяхІуга, омра а деш, Ахьаз-паччахьо элира: «Оцу боккхачу кхерчана тІехь Іуьйренан дийнаташ дагоран сагІа а, суьйренан кІен сагІа а даккха. Иштта цу тІехь паччахьан а, кху махкара массо а адамийн а дийнаташ дагоран сагІанаш а, кІен сагІанаш а, адамийн чагІаран сагІанаш а даха. Муьлхха а дагоран сагІа доккхуш даьлла цІий а, муьлхха а сагІина дахьаш долчу дийнатийн цІийн цинцаш а тІетоха оцу кхерчана тІе. Ткъа цІестан кхерч пал туьйсуш лелор бу аса». Ахьаз-паччахьо омра ма-дарра, дерриге а кхочушдира динан дас УръяхІус. Ахьаз-паччахьо чкъургаш тІехь йолчу кІелхІотторгашна тІера деакІов пенаш а, еш а дІадехира. Иштта боккха цІестан яй а дІабаьккхира, цІестан стерчашна тІера иза тІулган цІенкъа охьа а буьллуш. Везачу Элан цІийнан кертахь шоьтан дийнахь дІахІуттучу гуламна лерина йина тхевнан кІело а дІаяьккхира Ахьаза. Иштта паччахьан арахула Везачу Элан цІа чу вогІийла а дІаяьккхира. Иза Ашур-мехкан паччахьан дуьхьа дира Ахьаза. Ахьазан кхидолчу гІуллакхех лаьцна – цо мел динчух лаьцна – яздина ду ЯхІудхойн паччахьийн тептар тІехь. ТІаккха Ахьаз, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Ахьазан метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Хьузакх-ЯхІу. Исраилхойн паччахь волчу Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до кхоалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь дІахІоьттира Ахьаз-паччахьан кІант Хьузакх-ЯхІу. Иза паччахь дІахІуттуш цуьнан ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхІус. Цуьнан ненан цІе яра Аби-ЯхІу, ткъа иза Закри-ЯхІун йоІ яра. Ша схьаваьллачу Дауд-паччахьо лела мел динарг санна, Хьузакх-ЯхІус а леладора Везачу Элана нийса хеташ дерг. СагІа доккху гунаш дІадехира цо, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьийшира, Ашера цІе йолчу харцдалла лерина долу дечиган бІогІамаш хедийра. Ткъа Муса-пайхамаро бина болу цІестан лаьхьа Хьузакх-ЯхІус кагбира, хІунда аьлча цу хенахь а исраилхоша Нахьуштан цІе йоккхуш болчу цунна хаза хьожа йогІу хІуманаш ягайора. Исраилан халкъан Везачу Делах тешара Хьузакх-ЯхІу. Цул хьалха, я цул тІаьхьа и санна волу паччахь ца велира яхІудхойн массо а паччахьашна юкъахь. Везачу Элана тешаме а волуш, цкъа а Цунах дІа ца вирзира Хьузакх-ЯхІу. Мусагахула Везачу Эло бина хьехамаш кхочушбора цо. Веза Эла гуттара а вара цуьнца, ткъа ша дечу массо а гІуллакхаш тІехь аьтто хуьлуш вара Хьузакх-ЯхІу. Ашур-мехкан паччахьна дуьхьал а волуш, цунна муьтІахь вацара Хьузакх-ЯхІу. Ха деш йолу бІов йолчу жимачу гІалина тІера дуьйна йоккхачу чІагІйинчу гІалина тІекхаччалц, пІелаштамхошна тІехь толамаш бехира цо, Іази-гІалина а, цуьнан гонах йолчу аренна а тІекхаччалц. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до доьалгІа шо долуш, ткъа исраилхойн паччахьан Элан кІанта ХІушаІа паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Шалманесара, тІе а гІоьртина, Шамран-гІалина го бира. Кхо шо даьлча, Шалманесара дІалецира и гІала. Цу тайпана Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до йолхалгІа шо, ткъа исраилхойн паччахьо ХІушаІа паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, дІалаьцнера Шамран-гІала. Ашурхойн паччахьо исраилхой Ашур-махка дІабигира. Хьалахь-гІалахь а, Хьабур-хина йистехь йолчу Газун-гІалахь а, мадайхойн гІаланашкахь а баха охьаховшийра цо уьш. И дерриге а хилира, исраилхоша шайн Везачу Деле ла ца догІарна а, Цуьнца бина барт шаьш бохорна а. Везачу Элан ялхо волчу Мусас шайна тІе мел диллинчуьнга цара ла а ца дугІура, цуьнан парзаш кхочуш а ца дора цара. Хьузакх-ЯхІус паччахьалла до дейтталгІа шо долуш, Ашур-мехкан паччахьо Санхьариба, ЯхІуд-мехкан массо а аьлла чІагІйинчу гІаланашна тІе а гІоьртина, уьш дІалецира. ЯхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус Лахиш-гІала ашурхойн паччахьна тІе геланчаш бахийтира. Цо бохура: «Со бехке ву. Іадвитахьа со. Ахьа бохху ял дІалур ю аса хьуна». ТІаккха ашурхойн паччахьо яхІудхойн паччахьна Хьузакх-ЯхІуна кхо бІе гали дети а, ткъе итт гали деши а далар тІедожийра. Цу тайпана Везачу Элан цІа чохь а, паччахьан хазнашна чохь а мел долу дети дІаделира Хьузакх-ЯхІус. Везачу Элан цІа чохь ша дІахІиттийначу дешин неІаршна тІера а, неІарийн гураш тІера а деши, схьа а даьккхина, Ашур-мехкан паччахьна дІаделира цо. Ашурхойн паччахьо Лахиш-гІалара шен тІеман коьрта хьаькам а, шен паччахьан кертара коьрта эла а, шен эскаран цхьа хьаькам а шен доккхачу эскарца Хьузакх-ЯхІу-паччахьна тІе Ярушалайме бахийтира. Уьш Ярушалайме дІакхечира. Схьа а баьхкина, лакхарчу Іома чуьра хи охьадогІучохь, наха хІуманаш юьттучу аренна тІебоьдучу новкъахь, дІахІиттира уьш. Цара паччахье схьакхайкхира. Паччахьан цІахь хьаькам волу Хьалкхи-ЯхІун кІант Элъякъим а, йозанча волу Шибна а, хилларг дІаяздеш волу Асайпан кІант Юахьи а, ара а ваьлла, царна тІевеара. Ашурхойн эскаран хьаькамо элира цаьрга: «Иштта дІаала Хьузакх-ЯхІуга: „Ашурхойн сийлахьчу паччахьо хоьтту хьоьга: ‘Хьан бІобулуш дерг хІун ду?’ Ахь боху хьайн говзалла а ю, тІеман ницкъ а бу, амма уьш даьсса дешнаш ду. Ткъа хьанах ю хьан дегайовхо, хьо суна дуьхьалваллал? Кагъелла Іаса санна болчу оцу Мисар-махкана тІетовжа ойла йолуш ву те хьо? Шена тІе цхьаъ товжахь, иза куьйгах чекхъер ма ю! Иштта ву шех тешна Іаш болчу массаьрца а Мисар-мехкан паччахь волу пирІун. Іузи-ЯхІу а, Йовтам а, Ахьаз а, Хьузакх-ЯхІу а ЯхІуд-махкахь паччахьаш болчу заманчохь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна ЯхІуд-махках а, Ярушалаймах а лаьцна Дала суьрташ хІиттийра. «Муршатахо волу Мика-ЯхІу пайхамар хилла яхІудхойн паччахьо Хьузакх-ЯхІус олалла дечу хенахь. Цо дерриг а ЯхІудан халкъе аьллера: „Иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: ‘Цийон-лам, кха санна, охур бу, Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю’. ЯхІуд-мехкан паччахьаша Іузи-ЯхІус а, Йовтама а, Ахьаза а, Хьузакх-ЯхІус а, Исраил-мехкан паччахьан Юашан кІант волчу ЯрбаІама а паччахьалла динчу хенахь Беарин кІанте ХІушаІе Везачу Элера хаам хилла.
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода