Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Іумарис Шамран лам ийцира Шамрера, ши гали дато ахча а делла. Оцу гу тІехь гІала йира Іумарис. Цунах Шамран-гІала элира цо, и лам долахь хиллачу Шамрин цІарах. Ахьа юха а Шамран-махкарчу лаьмнашкахь кемсийн бошмаш кхиор ю, ткъа кемсаш лелош болчара шаьш кхиийначу кемсех шайна пайда а оьцур бу. Аша кир тоьхна болу пен Аса лаьтта тІекхаччалц бохор бу, цуьнан бух массарна а гуш хилийтархьама. И пен боьжча, цунна кІелахь шу хІаллакьхир ду. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода