Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7
Параллельные места
Со хІинца чангІалкхийн ваша а, страусийн доттагІа а хилла. Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦІенош бухІанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. Акха жІаьлеш угІур ду дІатесна йолчу цуьнан бІаьвнашкахь, ткъа чангІалкхаш – цуьнан исбаьхьачу гІаланашкахь. Иза хиндолу хан гергакхаьчна, ткъа цуьнан денош дахдийр дац». Оцу хенахь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна Везачу Эло тІедиллира билгалонна цхьа хІума дар. Цо элира: «Ваха а гІой, хьайн гІодаюкъ а ястий, хьайна тІера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Іуьйра а лелара. ТІаккха элира Везачу Эло: «Сан ялхо ЕшаІ-ЯхІу кхаа шарахь верзина а, когаш Іуьйра а лийлира, иза Мисар-махкана а, Хуша-махкана а хиндолчунна билгало яра. Ашур-мехкан паччахьо, Мисар-мохк а, Хуша-мохк а схьа а баьккхина, цигара къона а, къена а йийсархой дІабуьгур бу. Берзина а, когаш Іуьйра а хир бу уьш, ур-атталла церан вареш ерзина хир ю, Мисарна эхь хетийтархьама. Цундела боху ас: «Вита со, со доггах воьлхур ву. Ма гІерта сан догъэца, сан хьоме халкъ дакъазадаккхар бахьана долуш».
1 2 3 4 5 6 7
Выбор основного перевода