Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шен дега ИбрахІиме элира Исхьакха: «Дада!» «ХІун боху ахь, сан кІант?» – хаьттира ИбрахІима. «Суна дечиг а, цІе а го, – элира Исхьакха, – ткъа сагІа доккхуш вай багор болу Іахар мичахь бу?» АхІаронан йишас, Делера болу хаам бечу Марема, шен жима вота схьаийцира. Цунна тІаьххье, жима вотанаш схьа а эцна, баккхийберца, халхаршца арабевлира берриг а кхиболу зударий. Іамминхой тІом бан кечбеллера. ГалІадан лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицІпа-гІала йолчохь шайн меттамотт дІахІоттийра. Яптахь ГалІадарчу къаношца дІавахара, ткъа халкъо иза, шайн баьчча а, хьаькам а вина, дІахІоттийра. Яптахьа ша мел аьлларг Везачу Элана хьалхахь МицІпахь юха а элира. Дауда пІелаштамхо эша а вина, эскархой цІа богІучу хенахь массо а Исраилан махкарчу гІаланашкара зударий шайн паччахь волчу Шаулна дуьхьал хелхаршций, эшаршций арабевлира. Церан карахь жиргІанаш а, дечиг-пондарш а дара. Гуш дара, Дела, Хьан сийлахь болар, сан паччахь волчу Делан Шен цІа чу валар. Аса юха а меттахІоттор ду хьо, йоІстаг санна долу Исраилан халкъ, хьо юхаметтахІоттийна а хир ду. Ахь юха а жиргІанаш еттар ю, самукъане хелхар а деш, хьо лелар ду.
Выбор основного перевода