Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Іамминхой тІом бан кечбеллера. ГалІадан лаьтта тІехь шайн меттамотт дІахІоттийра цара. Исраилхоша а, схьа а гулбелла, МицІпа-гІала йолчохь шайн меттамотт дІахІоттийра. ГалІадхойн куьйгалхоша элира: «Іамминхошца дуьххьара тІом болийнарг ГалІадахь долчу массо а халкъана тІехь хьаькам хилла дІахІуттур ву». ГалІадхойн къаноша жоп делира цунна: «Тхуна хьалха а ваьлла, Іамминхошца ахьа тІом баре а, ГалІадахь дехаш мел долчу адамашна тІехь ахьа куьйгалла даре а сатуьйсуш, даьхкина тхо хьо волчу». Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицІпе схьакхайкхира. Ткъа аша хІинца шайн Дела дІатесна, Цо шаьш массо а балех кІелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тІехь паччахь хІоттаве“. ХІинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дІахІитта». Шен цІе ларъярхьама Везачу Эло Шен къам дІатесна дуьтур дац, хІунда аьлча Шен лаамца Цо, шу Шен къам ду аьлла, хаьржина.
Выбор основного перевода