Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Цигара дІабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тІе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догІуш дара. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона.
Выбор основного перевода