Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ХІор-лома тІера ЦІечу хІорда тІе боьдучу новкъахула дІабахара уьш, Эдоман махкана уллохула ца бовлархьама. Новкъахь нехан собар кхачийра. Юха Обатера дІабахана, Іий-Іабарим цІе йолчу меттехь, яьссачу арахь, Муаби-махкана малхбалехьа севцира уьш. Цигара дІабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тІе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догІуш дара. Шена БалиІам вогІу аьлла хезча, Балакх цунна дуьхьал вахара. Иза вахара шен мехкан дозанна йистехь долчу Арнон-хин уллохь лаьттачу муабахойн Іар-гІали чу. «Юханехьа а дирзина, яьссачу аренга а девлла, Эрзийн хІордехьа боьдучу новкъахула дІадахара вай, Везачу Эло соьга схьа-ма-аллара. СеІир-лаьмнашна го туьйсуш, дуккха а хан яьккхира вай. Цул тІаьхьа Везачу Эло соьга иштта элира: „Тоьар ду шуна хІокху лаьмнашна гонаш даха, къилбаседехьа дІадерза. СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу шайн гергарчу къомах болчу Іесавах схьабевллачийн лаьттахула чекхдовла дохкуш ду шу. Уьш шух кхералур бу, делахь а шу ларлуш хилалаш. Аша цаьрца тІом ма болабелаш, хІунда аьлча Ас церан латтанех ког тІебиллал а латта лур дац шуна. СеІир-лаьмнаш – иза Эдом-мохк бу – Ас Іесаван тІаьхьенна дІабеллера иза, цуьнан долахь хилийтархьама. Юург яа, шайгара дети дІа а лой, цаьргара эций. Мала хи а схьаэца цаьргара, цунах дети дІа а лой“. Шун Везачу Дала шун куьйгаша мел дечунна тІехь шу декъалдина. Цо шун дола дина хІокху йоккхачу а, кхерамечу а яьссачу аренгахула шу леллачу хенахь. ХІара шовзткъа шо ду шун Веза Дела шуьца волу. Шу цхьана а хІуманна тІехь эшам ловш дацара. СеІирехь бехачу вайн гергара къам долчу Іесаван тІаьхьенан лаьтта юххехула тІех а девлла, Эйлатера а, Іецйон-ГІебарера а боьдучу некъах дІа а дирзина, Муабин яьссачу аренна тІедоьлхура вай. Эмархойн паччахьна Сихьонна тІе нах бахийтира исраилхоша дехар эцна: «Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Новкъахула гІур дара тхо, ялтина а, кемсийн аренашна тІе а ца довлуш, гІунаш чуьра хи а ца молуш. Хьан махках дехьадовллалц паччахьан новкъахула бен гІур дацара тхо». Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Цунна тІехь толам а баьккхина, Арнона тІера Ябокх-хина тІекхаччалц Сихьонан латта схьадаьккхира исраилхоша. Уьш Іамминхойн дозанехь севцира, хІунда аьлча шайн доза чІогІа лардора Іамминхоша. Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Хьешбон эмархойн паччахьан Сихьонан гІала яра. Муабахойн хьалха хиллачу паччахьца тІом а бина, Арнонна тІекхаччалц цуьнгара мохк схьабаьккхинера Сихьона. «Кхадимут цІе йолчу яьссачу аренгара Хьешбон-гІалин паччахь волчу Сихьонна тІе векалш бахийтира ас, машар а кховдош, хІара дІаалийтархьама: „Пурба лохьа тхуна хьайн махкахула чекхдовла. Тхо, я аьтту, я аьрру агІор дІа ца доьрзуш, нийсса новкъахула дІагІур ду. Детих юург йохка тхуна, тІаккха бен оха иза юур яц. Детих мала хи а ло тхуна, тІаккха бен оха иза мер дац. ГІаш бен тхо тІех а девр дац, тхуна СеІир-лаьмнаш тІехь бехачу Іесаван тІаьхьенах болчара а, Іар-гІалахь бехачу муабахоша а дина ма-хиллара, Йордан-хина дехьа а девлла, тхайн Везачу Дала тхайна луш долчу лаьтта тІе тхо дІакхаччалц“. Амма Хьешбон-гІалин паччахь волу Сихьон реза ца хилира шен лаьтта тІехула вай чекхдовлийта, хІунда аьлча шун Везачу Дала цуьнан са а карзахдаьккхира, дог а чІагІдира, хІинца вайна схьагуш ма-хиллара, иза шун кара дІавалархьама. Везачу Эло соьга иштта элира: „ХІан, Ас Сихьон-паччахь а, цуьнан латта а шун кара далар дІадолийна. Хьо а дІаволало цуьнан латта хьайн карадерзо“. ТІаккха Сихьон-паччахь шен мел долчу эскарца вайна дуьхьалгІаьттира ЯхІац-гІалина уллохь хиллачу тасадаларехь. Вайн Везачу Дала иза вайн кара схьавелира. Вай иза а, цуьнан кІентий а, цуьнан мел долу халкъ а хІаллакдира. Оцу хенахь цуьнан ерриг а гІаланаш схьа а яьхна, царах хІорра а, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш. Царах цхьа а дийна ца витира оха. ГІаланаш дакъазаяхале, церан бежанаш а, церан схьаяьхначу гІаланашкара вай схьадаьккхинарг а, хІонс санна, дІадаьхьнера. Арнон-хин тогІин йистера йолчу ІаруІер-гІалара ГалІад-гІала дІакхаччалц йолу цхьа а гІала ца йисира вайга схьа ца яккхалуш. И дерриг а вайн кара схьаделира вайн Везачу Дала. Іамминхойн лаьттана, я Ябокх олучу хин йистошкахула йолчу меттигашна, я лаьмнашна тІехь йолчу гІаланашна, я вайн Везачу Дала ца магийначу цхьана а хІуманна тІе ца кхевдира вай».
Выбор основного перевода