Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Аса хІара кІант Везачу Элана дІало. Ша дуьнен чохь мел йоккхучу хенахь Везачу Элана гІуллакх деш хир ву хІара». Цо цигахь Везачу Элана Іибадат дира. ТІаккха муабахойн паччахьо шел тІаьхьа паччахь хила везаш волу шен кІентех воккхаха верг, схьа а эцна, шера а, шуьйра а болчу пена тІехь шен далла лерина сагІина вагийра. Оцу гІуллакхо исраилхой чІогІа эргІадбехира. Цундела уьш, цигара юха а бевлла, шайн лаьтта тІе юхабирзира. Дийнаташ дагоран сагІанаш дахьаш, со Хьан цІийнан керта вер ву, Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду. Амма эзарнашкахь кой дайарх я барам боцуш дукха татолашкахь зайтдаьтта Іенадарх там балур буй те Везачу Элана? Сайн дуьххьарлера доьзалхо лой те ас Цунна сайгара даьллачу зуламна тІера, сайн кийрара схьабаьлла стом лой те ас Цунна сайн синан къиношна тІера?»
Выбор основного перевода