Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дІадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира. Іамалекхахой а, канаІанхой а тогІи чохь Іаш бу. Кхана, юха а дерзий, яьссачу ара, ЦІечу хІорда тІе, дІагІо». Хьалхарчу баттахь берриг а исраилхой, Цин цІе йолчу яьссачу ара а баьхкина, Кхадеш олучу меттехь севцира. Цу меттехь Марем кхелхира, цигахь иза дІа а йоьллира. Кхадешера Эдоман паччахьна тІе дехар эцна шен нах бахийтира Мусас: «Хьан вежарша, исраилхоша, боху хьоьга: „Хьуна хаьа тхуна хилла бохамаш. Тхан дай Мисар-махка дІабаханера. Дуккха а хан яьккхира оха цигахь. Тхан дайшца а, тхоьца а къиза бара мисархой. Везачу Эле тхо кхайкхича, Цунна хезира оха доьхург. Шен Малик а даийтина, Мисарара тхо арадехира Цо. ХІинца хьан дозанна уллохь йолчу Кхадешехь ду тхо. Пурба лохьа тхуна хьайн лаьтта тІехула дехьадовла. Тхо хьан ялтийн а, кемсийн а аренаш тІехула а девр дац, хьан гІунаш чуьра хи а мер дац оха. Паччахьан новкъахула хьан махках чекхдовллалц, аьтту а, аьрру а агІор а ца таьІаш, дІагІур дара тхо“». Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугІортахь, оха тІом бийр бу шуьца». Исраилхоша элира цаьрга: «Тхо боккхачу новкъахула гІур дара. Нагахь оха а, тхан даьхнино а шун хи мелча, цунах ахча а лур дара оха. ГІаш дехьадевр дара тхо, тхан кхин гІуллакх а дацара кхузахь». Эдомхоша юха а элира: «Тхан махкахула чекх ма довла». Доккха эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалбевлира уьш. Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дІабахара исраилхой. Ткъа шу, дІа а дерзий, Эрзийн-хІордана тІе боьдучу новкъахула яьссачу аренга дІагІо.
Выбор основного перевода