Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Къа ду хьан, Муаби-мохк! Камош-цІун халкъ, хІаллакьхили хьо! Цо шен кІентех дІасабевддарш хилийти, йоІарий эмархойн паччахьо Сихьона йийсаре биги. Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама. ХІунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гІуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дІалохку Цо и халкъаш, церан боьха гІуллакхаш бахьана долуш. Шуна хуур ду, шайна юкъахь дийна Дела вуйла. Цо шу долчуьра лохкур бу канаІанхой а, хьетахой а, хьаьвихой а, перезахой а, гІиргІашахой а, эмархой а, явсайхой а. ТІаккха Сулим-паччахьо Ярушалайм-гІалина малхбалехьа лаьттачу борзана тІехь цІу-деланашна Іамал ен меттигаш дІахІиттийра: муабахойн цІунна Камошна а, Іамминхойн цІунна Мулкана а. И цІуш Далла хьалха боьха лоруш бу.
Выбор основного перевода