Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
Шехемарчу куьйгалхоша Абу-Маликна БаІал-Барт-делан цІа чуьра кхузткъе итт шекхал дети делира. И дети а делла, Абу-Малика, деш-дуьтуш а доцуш, шайн лаамехь волу масех стаг лецира. Уьш цунна тІаьхьахІиттира. Дауд волчу схьагулбелира гІело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тІехь хьаькам хилла дІахІоьттира, хІинца кхуьнца виъ бІе гергга стаг вара. Даудана шаьш, лаьхьанна тоьхна гІаж санна, боьха хетийла хиъча, Іамминхоша Байт-Рахьубера а, Цобера а ткъа эзар гІашло волу арамхо лецира. МаІхин паччахь волчуьра – цхьа эзар стаг, ткъа ТІобера шийтта эзар стаг лецира. ТІаккха Дауд чІогІа оьгІазвахара, Везачу Эло Іузина тохар бахьана долуш. И меттиг хІинца а «Парас Іуза» олуш ю (иза «Іузина таІзар дар» бохург ду).
Выбор основного перевода