Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
ХІокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТІаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хІун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а. Шен къайлаха йолу Іалашо йовзийтира вайна Дала, ткъа и Іалашо хьалххе дуьйна билгалъяьккхина а ю, Цо леррина Къобалвинчуьнца йоьзна а ю. И дерриге а бахьана долуш, Веза Эла волчу Іийсах шун долчу тешарх а, Делан долахь болчу массаьрга а шун болчу безамах а лаьцна сайна хезначхьана, сайн доІанашкахь, шу дага а лоьцуш, саццаза шуна тІера Далла баркаллаш боху аса. Вайн Веза Эла волчу а, Ша леррина къобалвинчу а Іийсан Дала, сийлаллин Дас, Шех дерг кІоргге хаийта шуна хьекъалаллин а, довзийтаран а Са лойла. Аса доьху Деле шун даггара болу безам хІума довзарца а, кхетамалла хиларца а кхин а алсамбаккхар,
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода