Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) Шун дегнашна тІера пардо дІадоккхийла Цо, шу тІекхайкхина долу сатийсар а, Шен нахана лур ду аьлла долчун хьал муха ду а, Шех тешаш долчу вайна чохь лела барам боцу боккха ницкъ бохург хІун ду а шуна хаийтархьама. И боккха ницкъ Дала суна дина дика бахьана долуш, хазачу кхоан гІуллакхдархо хилла сох. И Делан совгІат суна делла Цуьнан ницкъаца. Ткъа Цунна, вайна чохь болх беш болчу ницкъаца вай мел доьхуш долчул а, я вайн дагахь мел долчул а дуккха а алсам далуш Волчунна,
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода