Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Вай Шен мостагІий долчу хенахь Дела вайца тайра Шен КІентан валарца. Дала Шеца тайтина долу вай, хІинца муххале а Цуьнан КІантехула кІелхьардевр ду, КІант дийна волу дела. Цхьана хенахь вай массо а Іийра оцу нахана юкъахь, вешан хьайна болчу лаамех а дуьзна. Вешан догІмийн а, ойланийн а хьарам болу лаамаш кхочушбора вай. Кхиболу нах санна, вайн амалшка хьаьжжина, Делан оьгІазло тІеян дезаш дерш дара вай. Цу хенахь Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна дацара шу. Делан долахь долчу Исраилан халкъах дІакъастийна дара шу. Делаца бинчу бертан а, цу чу йогІучу чІагІонийн а декъахь а дацара шу. КІелхьардовларе догдохийла дацара шун. Дуьнен чохь шу Іеса адамаш дара.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода