Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
ПахІал хьалха Дербе а, юха Листаре а веара. Цигахь Іаш Іийсан мурд вара, Тимапи цІе а йолуш. Цуьнан нана Іийсах тешаш йолу жуьгти яра, ткъа да грек вара. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал волчу ПахІала яздо, Дала леррина къобалвинчу Іийсана тешаме а болуш, Эпасехь бехачу Делан нахе. Дала леррина къобалвинчу Іийсан ялхоша, ПахІала а, Тимапис а, яздо Пилап-гІалахь Іаш болчу а, Дала леррина Къобалвинчуьнца боьзна болчу а Делан долахь болчаьрга массаьрга – шайца цхьаьна динан тобанан гІайгІабийраш а, динан куьйгалхойн гІоьнчаш а болчаьрга.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода