Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. Вай Дала кхоьллина тайпа ду. Ша леррина къобалвинчу Іийсаца вай доьзна хиларна, Дала вай кхоьллина, хьалххе дуьйна Ша вайна кечдина долу дика гІуллакхаш вайга кхочушдайтархьама. Варелаш, аса, Везачу Элан тутмакхо, дехар до шуьга, шаьш тІекхайкхина долчу дахаре хьаьжжина, оьзда лелалаш. Иза иштта хилча, суна, шу долчу а веана, шу гича, я кхечанхьа а волуш, шух лаьцна иштта хезар ду: уьш цхьаалла а йолуш, берриш а цхьаъ санна, хазачу кхоаца цхьаьнадогІучу тешарна къахьоьгуш бу. Шуьга дехарш а дора, шу иракара а хІиттадора, шуна синтем а бора оха, Шен Олалле а, сийлалле а кхайкхинчу Далла хьалха шу хьакъ долуш дахийтархьама. Ткъа хІинца, динан вежарий, Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа, оха доккхачу дехарца доьху шуьга шаьш Далла хазахетарг дарна тІехь оха шайга дийцинчул а, кхин а сов кхиамаш аш бахар.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода