Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
И Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ дерриге а дуьнен чохь дІакхайкхор бу, массо а адамашна иза тоьшалла хилийтархьама. Цул тІаьхьа тІекхочур ю дуьненан чаккхе». Ткъа важа долу хІу, дика латта долчохь а нисделла, зІийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бІе а хІу а луш хІора кено а». Иза бакъдолчух а, диканах а вуьззина волу дела, вай саццаза схьаоьцура Цуьнан дикалла. Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. Динан вежарий! Шуьга дІахаийта лаьа суна: дукхазза а шу долчу ван кечвеллера со, амма, хІара хан тІекхаччалц, и дан сан аьтто ца болура. Кхечу къаьмнех болчу вукху нахана юкъахь санна, шу долчохь а стом кхио лаьара суна. Шен диканца уьш массо а Дала Шена хьалха маьхза бакъбо, Цо леррина къобалвинчу Іийсас нах къинойн олаллех паргІатбахар бахьана долуш. Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода