Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Дерриг а Дала цу Дашехула кхолла а кхоьллина, И доцуш, кхоьллинчух хІумма а ца кхоьллина. Дуьненна юкъахь а дара и Дош, Цуьнгахула дуьне а кхолладеллера, амма дуьнен чуьра адамашна И ца девзира. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. ткъа кху тІаьхьарчу деношкахь Шен КІантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КІант ву дІахІоттийна. Цуьнгахула массо хІума а кхоьллина. ХІунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тІебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кІелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода