Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дІа а гІой, массо а адамашна дІакхайкхабе хаза кхаъ. Иштта доІа до ас, шу Цунах теша а тешаш, Дала леррина Къобалвинарг шун дегнаш чохь, цІахь санна, вахийтар доьхуш. Ас доІа до, шун безаман орамаш хилар а, безам тІехь шу чІагІделла хилар а доьхуш. Къийса ца дезаш, динах йовзийтина къайле чІогІа йоккха ю: Иза адаман дегІехь гучуваьккхина, Делан Сино бакъвина, маликашна Иза гина, къаьмнашна юкъахь дІакхайкхийна, дуьненахь адамаш Цунах тешна, сийлаллехь Иза хьалаваьккхина.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода