Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а. Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. Сох лаьцна шадерг ТихІака дуьйцур ду шуна. Тхоьца цхьаьна Везачу Элана гІуллакх деш волу, тешаме къахьоьгуш волу, вайн хьоме динан ваша ву иза. Маршалла доуьйту шуьга Дала леррина къобалвинчу Іийсан лай волчу шун Эпарпис а. Цо даим а дакъалоцу шуна тІера дечу доІанашкахь, шайн тешарна тІехь шу кхоччуш кхиийтархьама а, Делан лаамехь долчух шу дуьзна хилийтархьама а. Иза иштта долу дела, ахь дан дезарг Дала леррина Къобалвинчун цІарах хьоьга майрра дІахьедан йиш ю сан.
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода