Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Шаьш кІелхьардовларх лаьцна болу билггал бакъболу хаза кхаъ шайна хезча, шу а Дала леррина Къобалвинчуьнца цхьаьнатуьйхира. Цунах шу тешна дела, Дала шуна тІе Шен мухІар туьйхира, Ша лур ду аьлла долу Шен Деза Са даларца. Ткъа вай серлонан кІентий долу дела, Делах тешарх а, вовшийн дезарх а гІагІ а дина, Дала леррина Къобалвинчо вай кІелхьардахаре сатуьйсуш хиларх гІем а йина, кхетамехь хила деза. Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю, Хастам бу Далла, леррина къобалвинчу вайн Везачу Элан Іийсан Дена, Шен доккхачу диканца вайна керла дахар делла волчу, веллачуьра Ша леррина къобалвина Іийса ден а вина, цу бахьаненна хІаллак а хир йоцучу, сакхто я замано талхор а йоцучу тІаьхьене бакъболу сатийсам вайна белла волу. И тІаьхье стигалшкахь ларъеш ю,
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода