Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
К Колоссянам
1 2 3 4
Параллельные места
Юьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь, Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина. Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Ткъа Шен Деца волчу, цхьаъ бен воцучу КІанта беана Делах болу кхаъ, Иза вайна вовза а вовзуьйтуш. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. КІант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цІандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агІор охьахиина Иза. «Лаудика-гІаларчу динан тобанан малике а дІаязде: Иштта боху Ша Амин волчу, Дала кхоьллина долчун Хьоста Ша волчу, тешам а болуш, билггал бакъволчу Тешо:
К Колоссянам
1 2 3 4
Выбор основного перевода