Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Іандара шен ваша ШамІа Іийсана тІевалийра. Іийсас, ШамІе а хьаьжна, элира: «Хьо Юнусан кІант ШамІа ву-кх. Хьох хІинца „Кипа“ эр ду». (Иза «тарх» бохург ду.) Далла гІуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тІе куьйгаш а дехкина, доІа а дина, тІедиллина гІуллакх кхочушдан дІавахийтира цара и шиъ. Аса шух хІорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хІоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. суна хьалха Шен КІант дІахІоттийра, Цунах лаьцна болу хаза кхаъ, жуьгтий боцучу, кхечу къаьмнех болчарна а кхайкхорхьама. Со ца вахара цхьанна а адамах дагавала а, Ткъа кхечу векалех, Везачу Элан ваша Якъуб воцург, цхьа а ца гира суна.
Выбор основного перевода