Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Шайна и сурт гича, парушхоша Цуьнан мурдашка хаьттира: «Шун Устаз ял схьагулъеш болчаьрций, къинош летийначаьрций хІума юуш хІунда Іа?» Сан а ма яра, сайн дилханах а тешна, Іен йиш. Нагахь санна кхин цхьа стаг, шен адаман дилханах а тешна, Іен дагахь велахь, сан цуьнан йолчул а сов бакъо хилар билггал бакъду. ХІунда аьлча дуьнен чу ваьллачу борхІалгІачу дийнахь со сунтвина а ву, Исраилан халкъах схьаваьлла а ву, Бен-Яманан тайпанах а ву, Іебархойх схьаваьлла Іебархо а ву. Товрат-хьехамаш кхочушбеш парушхо а вара со.
Выбор основного перевода