Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Агав цІе йолчу царах цхьаммо, дІа а хІоьттина, Делан Синан цІарах хаам бира, римхойн пачхьалкхехь мацалла хІуттур ю аьлла. (Калабди Рим-мехкан паччахь волчу хенахь хилира иза.) Цундела мурдаша сацам бира, шайн тароне хьаьжжина, ЯхІуд-махкахь болчу динан вежаршна гІо дан. Иштта дан а дира цара. Ярушалаймехь болчу Іийсах тешачийн тобанан тхьамданашка шаьш гулдинарг Бар-Наабе а, Шауле а дІадахьийтира цара. Македонера а, Ахаера а динан тобанаша сацам бина, Ярушалайм-гІалахь болчу Делан нахана юкъарчу къечарна сагІина ахча дахьийта. Делан нахана аша дала деза ахча гулдеш долу гІуллакх, галатахойн динан тобанашна аса ма-хьеххара, леладе.
Выбор основного перевода